Бовза беза Нохчийн мотт!

25.05.2021
Бовза беза Нохчийн мотт!

Бовза беза Нохчийн мотт!

Нохийн мотт хаза а, исбаьхьа а мотт бу. Цуьнах воккха ца вен йиш яц, х1унда аьлча маттаца бен вайн аьтто бац дуьненан хазалла а, къоман оьздангалла йовзийта.

Дуьненчохь 6000 мотт бу, ткъа царах 2000 мотт буьйцуш боцуш д1аболуш бу. Къомо шен мотт буьйцуш боцуш, сий ца деш лелийча оцу хьоле боьрзу мел хаза мотт а.

Мотт къоман коьрта бахам бу.

Муьлха мотт беза хьуна, х1ун мохк беза хьуна, муьлхачу къомах хила лаьа хьуна, аьлла, хоржуьйтуш дац адаме. Амма и харжам вай ца бинехь а, вай ирсе къам хилар го вайна, вешан меттан к1оргене вай тидам бича, вайн махке хьаьвсича.

Мотт бийцина ца 1аш, мотт бовза безаш бу.

Нах нийсонна т1е а нийсабеш баьхначу вайн Дай хазчу хьехамийн а, царех дисинчу хьекъалечу хьехарийн мотт бу вай тахана буьйцуш лелошберг. Яьхь йолуш, майра, оьздачу къонахийн мотт бу - Нохчийн мотт. Царах дисина дика дош лардина, цуьнан мах базбина мотт – Нохчийн мотт бу! Вайн матто санна цхьана а къоман матто ца гойту дуьненан сурт. Х1ора дашо дуьйцу, гойту шен доккха, к1орге маь1на.

Нохчийн мотт г1иллаккхе а, оьзда а бу. Вайн матто кхиийна бакъболу къонахий, оьзда маьхкарий. Ткъа маьхкарша кхиийна, 1амийна нохчийн хаза къам.

Вайн матах лаьцна дийцина а вер вац, къаьстина мотт безаш, лорушверг. Т1екхуьучу чкъуран коьрта 1алашо хила еза – мот ларбар, и ца байтар. Мотт бара къамона шел боккха кхин хила йиш йоцу, эшам бу, х1унда аьлча мотт и къоман са ду.

Къоман мотт оьцуш бац, я бухкуш бац, цуьнан сий до, цуьнах воккхавево. Ненан мотт лоруш волучу стага шен мохк а, шен къам а лору.

Сай маттах лаьцна дийцар чекхдаккха луур дара суна Нельсон Манделас аьллачу дешнашца – «Ахь адаме цунна кхеташ болу маттахь олург цуьнан лерсине кхочу, ткъа ахь цуьнан ненан маттахь олушдерг цуьнан даге кхочу».

Бехийла, бекийла вайн сийлахь Нохчийн мотт!

Сангариева Т. З.